"Орга" журналан прозин декъан редакторца цхьаьнакхетар.
14.04.2016Апрель беттан 14-чу дийнахь Гуьмсера номер 7 йолчу юккъерчу школехь "Нохчийн меттан Денна" лерина дешархошца а, хьехархошца а цхьаьнакхетар д1адаьхьира "Орга" журналан прозин декъан редакторо Сумбулатов Денис. Цхьаьнакхетарехь дийцира "Нохчийн меттан Дийнан " мехаллах, матто юкъараллехь лелочу маь1нах. Йийшира стихаш, дешархойн хаттаршна жоьпаш делира.